Неделя чеченского языка и литературы.

25.04.2015

Нохчийн маттана лерина мероприяти.

Тема: Да – нана ларар.1алашо: Деца – ненаца хила беза ларам бовзийтар, Дала церан доладар фарз дина т1едиллина хилар хаийтар. Син оьздангалла кхиор.1.Нохчийн г1иллакх – оьздангалла – вайн къоман хазна ю. Х1унда аьлча, адамийн дахарехь коьрта лехамаш бу: эхь – ийманний, яхь – оьздангаллий, г1иллакх – лераме хиларий. Оцу лехамех муьлххачу цхьаннах стаг д1ахаьдда велахь, цуьнан дахар дуьззина хир дац. Адамаша вовшашца лело дезачу г1иллакхийн кепаш дукха ю, адаман ц1е бакъ а еш вахархьама а, иштта оцу бакъ ц1арца Далла къемата дийнахь дуьхьал ц1еначу дог-ойлица вахархьамма а лелош ерш.2.Царна юккъехь къаста дан лаьа деца-ненаца лело деза г1иллакх. Х1ора а уггар хьалха,шен деца-ненаца г1иллакх лаьцна, иза д1акхоьхьуш хила веза: церан сий-т1алам беш а, цара аьлларг  кхочушдеш а. Уьш т1ебаьхкича, хьала а г1аьттина, царна охьаховша меттиг яла еза, цара аьлларг дан деза, царна муьт1ахь хила веза. Нагахь санна, шаьш г1аш цхьанхьа даха новкъа девллехь, аьрру аг1ор, жимма т1аьхьо х1оьттина ваха веза. Амма цхьа кхерам х1оьттинехь, дега-ненера хьалхе яккха а еза.